ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орцанхоша гIо дина нанна петарехь ша цхьаъ дисинчу берана тIекхача  


Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан белхахоша гIо дина Соьлж-ГIаларчу яхархочунна петарехь ша висинчу шо кхаьчначу кIантана тIекхача. 2017-чу шарахь дина бер ша хIусамехь дисина хилла, петаран некъ дIа а къовлаелла.

Бохамах лаьцна хаам кхаьчна хилла орцанхошка Ленинан кIоштара.ТIекIелдина цIа чохь еха зуда туькана яха араяьлла хилла, шо долу кIант чохь а витина. Амма юха шен петаре ца кхачалуш йисина хилла иза.

Сихонца кхаьчначу орцанхоша, лерринчу гIирсах пайда а эцна, схьаяьстина неI. Бер гIоза-декъал карийна. Цуьнан нене иза кхин ша ца дитар а дехна дIабахна орцанхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG