ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чернокозове "дIакхалха" кийча ву Титиев


Бакъонашларъярхо Титиев Аюб

Нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Аюб дIалаьцна дийнна шо дуьзи.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:06 0:00
Линкана тIе

Шозза дIалацар а, "мичара йовлу а ца хууш" наркотикаш гучуйовлар а

2018-чу шарахь белхан дуьххьарлера де, кхушара а санна, Дечкен-беттан 9-чохь доладелира. Кхоьлина, догIане дара де. Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхо Титиев Аюб, даим а санна, Iуьйранна шен кертахь машен а йилина, Куьршалара шен офисе кхача новкъавелира.

Балха дIа ца кхечира иза, хIунда аьлча, Куьршлана а, Майр-Туьпна а юккъерчу тIай тIехь тIеман барзакъ доьхначу бевзаш боцчу, "ГБР" тIе язъйнчу машенчуьрчу наха сацийра иза.

Цул тIаьхьа – цуьнан автомобилан хьалхарчу гIента бухара марихуана чохь йолуш баьккхина жима тIоьрмиг, шолгIа юха а иза дIалацар, Куьршала кIоштарчу полисхойн декъехь бакъо йоцуш Титиев сецор.

Аюбан белхан накъосташна хаьара, Iуьйранна шена вевзачу цхьана накъостах иза кхета везаш варий, цундела балха тIе хьевелла вогIур вуйла хаьара царна. Амма делкъанна 12 сахьт даьлча а, я сахьт даьлча а иза гучу ца ваьлча, орца даьккхира цара. Титиевн телефонаша а жоп ца лора.

Титиевн кхелан процессехь. Адвокаташ а, бакъонашларъярхо а
Титиевн кхелан процессехь. Адвокаташ а, бакъонашларъярхо а

Аюбехь шеца хиллачу техникан гIирсаца аьтто хилира цуьнан коллегийн, иза волу меттиг билгалъяккха. Куьршларчу полисхойн декъан территори тIехь хаавелира царна иза. Бакъонашларъяран центран юрист Тельхигов Аслан вахара полици. Титиевн дуьххьара адвокат хилира иза тIаьхьо, амма кхелан кхеташонашка ван ца хIоьттира иза. Кхерамаш тийсар бахьана долуш, Нохчийчуьра вада дийзира цуьнан.

ХIетахь, стохка Дечкен-беттан 9-чохь хууш дацара цхьанна а, муха хир ю Титиев Аюбан гIуллакхан тIаьхье, цундела тIамца бохург санна чугIертара Тельхигов, бакъонашларъярхочунна гIоьнна.

Бух боцуш, "анашаца лаьцна наркоман" аьлла, долийна гIуллакх

Куьршларчу полисхоша юхьанца бакъ ца дора, Титиев шайгахь ву бохург. Бакъонашларъярхочунна тIебитира, Москохарчу СПЧ-н куьйгалхочо Федотов Михаила Соьлжа-ГIала телефон тоьхначул тIаьхьа. Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъян векал йинчу кхеташонан декъахочуьнга Саратова Хедица зIене ваьлла хиллера Федотов.

Саратован репутаци къовсаме йоллушехь, дукха хьолахь, иза бахьана долуш нисло нохчийн ницкъахошца уьйр тасар.

Тельхиговца цхьана яханера Саратова Куьршала. Бакъонашларъярхо улло яьккхича бен бакъо ца елира адвокатна Титиевх кхета.

Ишта къаьстира Тельхиговна, Титиевна тIехь ницкъбина ца хилар а, цуьнга кхийдочу бехкех а.

Маьрша Титиев Аюб
Маьрша Титиев Аюб

Цу тIера доладелира юьххьера дуьйна бух боцуш айдина "анашаца лаьцначу наркоманан" гIуллакх. "Тайпа-тукхум, къам, дин доцчу", "республикехь болхбан вуьтур воцчу" цхьаннан гIуллакх.

И дерриге а, Титиев лаьцна кIира даьллачул тIаьхьа, Кадыров Рамзана динчу дIахьедарш юкъара аларш ду.

Титиевн адвокаташ тIаккха кхийтира, Нохчийчоьнан Iедал чIагIделла хиларх а, Титиев "чохь вуьтург" хиларх а.

Делахь а, къийсам хIеттахь бен болалуш бацара, цу юкъа гIоьртира уггар а ницкъболу адвокаташ - Заикин Петр а, Новиков Илья а, Дубровина Марина а.

Дуьненаюкъара бакъонашларъяран организацеш а, кхечу пачхьалкхашкара политикаш а, гоьбевлла оьрсийн бакъонашларъярхой а гIевттира къийсаме.

Масала, цкъа веана ца Iийра Титиевн кхеле Оьрсийчоьнан президентан харжамашка кандидат хьалхатеттина хилла Явлинский Григорий. Ша юкъа а хIоттавай, бакъонашларъярхо дIахецар дийхира цо, амма кхелахоша дуьхьало йира цунна.

Титиев Аюбан кхеле баьхкина Орлов Олег, Явлинский Григорий, Ганнушкина Светлана а.
Титиев Аюбан кхеле баьхкина Орлов Олег, Явлинский Григорий, Ганнушкина Светлана а.

Стохка Дечкен-беттан 11-чохь Шела гIалин кхело сацамбира, Титиев Аюб чохь сацош, бехк къастийна баллалц. Ткъа боккъал а бакъонашларъярхо маьршаваккха Iалашонца къийсам латто шо дуьзи.

Цуьнан гIуллакх ишта дIадахлур ду аьлла хеташ бацара бакъонашларъяран адкокаташ.

Титиевн гIуллакх а санна, резонансе яра нохчийн юкъаралхочунна Кутаев Русланна тIехь йолийна кхел а. Делахь а, иза кхи дIоггара ях а ца еш, ерзийра.

Кадыровн кхел

Нохчийн кхелахошна Iаламат проблеме хилира Титиевн гIуллакх. Махкарчу Iедалхойх йозуш йоцчу, гоьяьллачу бакъонашларъяран центран куьйгалхо дIалацарх жигара дуьйцуш а, емалдеш а ду Оьрсийчохь а санна, дуккхаъчу кхечу пачхьалкхашкахь а.

Шуьйра евзачу дуьненаюкъарчу майданашкахь дукха дийцира Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх, бакъонашларъярхошна тIеIаткъамбарх, "Мемориалан" болх дIа ца бахийтарх. Оцу доллучух а жоьпалла Кадыров Рамзанна тIехь дуьтура.

Кеста йоьрзур ю Титиевн кхел. Иза бехказвоккхур ву аьлла, дегайовхо яц цхьаннан а. Ткъа Титиев ша-м хIинцале кийча ву, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-ра Чернокозове "дIакхалха". Цигарчу набахтехь шен йисина хан токхуш ву журналист Гериев Жалавди а.

Делахь а, хIетте а къийсам сацийна бац бакъонашларъярхочун агIончаша. Цхьа Аюб маьршаваккха къийсаме бевлла ца Iаш, къуьйсу цара Оьрсийчуьрчу хIора а вахархочунна Конституцино елла бакъонаш. Цундела, Титиев дIалацар хьакхало пачхьалкхерчу массо а вахархочух, муьлхачу къомах, динах схьаваьлла иза хиларх.

Титиев Аюбна тIехIиттинчу цара тIечIагIдо, адамийн бакъонашна гIаролехь лаьттара аьлла, Iедалша нахана тIеIаткъам бечу заманчохь шаьш тапъаьлла Iийриг ца хилар.

Титиев Аюб лацарна а, набахте хьажорна а ша бехке дац боху Нохчийчуьрчу Iедало. Шу теший цунах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG