ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIеман техника араяккха йолийна Iамерко


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Шемара шен тIеман техника араяккха йолийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Армино. Цунах лаьцна хаам бина CNN-о, шен хьастанашна тIе а тевжаш.

Телеканало дийцарехь, кху тIаьхьарчу масех дийнахь Iамеркан эскархоша Шеман территори тIера арадаьккхина шайн тIеман техникан хьалхара жут.

Хьалхо The Wall Street Journal газето яздира Пентагон шен Шемара эскарш арадаха дагахь хиларх лаьцна, курдийн тIеман тобаншца доьзначу хаттарехь Iамеркан а, Тукройчоьнан а цакхетамаш буьсуш белахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG