ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIусамаш чохь пенаш лелхаш ду, ткъа тхоьга кхераме хIуммаъ дац олу"


Магнитогорскехь иккхинчу цIа чохь бехачарех хIун хир-те?

Магнитогорскерчу Маркс Карлан цIарахчу лоьмар 164 йолчу цIа чохь 39 стаг а леш эккхийтар хилла 10 де даьлла.

Официалан хаамашца, газ иккхина чухаьрцина 7-гIа подъезд а, цунна уллора 8-гIа чугIойла а дIа а хьаькхна, гIишло шина декъе екъа дагахь бу Iедалхой. Ткъа лулара лоьмар 6 йолу подъезд юьтуш ю, цунна хилла зен дац аьлла. Делахь а, оцу чохь бехачу дукхахболчара хаамбина, пенаш лелхаш ду шайн петарш чохь аьлла.

Цара дийцарехь, де дийне кхи тIе а этIаш ду церан хIусамийн пенаш, цундела чу чохь Iен а кхоьру уьш.

КхоалгIачу чугIойлан 8-чу гIат тIехь ехаш ю Сауле. Ма дарра аьлча, эккхийтар хиллачу меттигна дикка генахь ю иза, амма хIетте а, я ша а, я шен лулахой а баьхьаш бац боху цо оцу цIа чохь баха. Шен лулара нах кхечу меттиге Iен-баха дIаоьхуш бу, дийцина цо.

"Пенаш лелхаш долу дела, тхо кхоьру чохь Iен, цундела буьйсанаш петар чохь ца йоху оха. Iедалера нах баьхкинера тхан хIусамех хьовса, шоззе а "маячок" олу, иккхинчу пенаш тIехь терго латто Iалашонца зайл а тоьхнера, хIетте а хуьлуш гIоле яц. Юх-юха этIаш ду пенаш. Тхоьга боху: "Кхераме хIуммаъ дац".

Шайн хIусамийн пенаш лелхаш ду аьлла, Iедалхошка хаамбиначарна бен хIиттош бац цара и "Маячок" олу гIирсаш.

Пхеа хIусаман дайша бен ца дина цкъачунна лелхачу пенашна арз. Ткъа и "Маячок" олу гIирсаш подъездашкахь хIиттийна бац - царех гIалин администрацига хаийтина дац.

6-гIа чугIойле Михайлицын Андрейн петар чуйоьжначу секторца гIоьртина ю. Орцан министраллан белхахо цхьана а волуш, чу чохь вехаш хиларан тоьшалла а гайтина бен шен чу кхача бакъо яц цуьнан.

Андрейс ша а боху, шен хIусаман тхов тIехь а, пенаш тIехь а дуккха а ду этIарш. Амма хIетте а, я цунна а, я цуьнан лулахошна а керла хIусам яла дагахь бац Iедалхой.

- Магнитогорскан мэро Бердников Сергейс юьхь-дуьхьал дIа аьлла цуьнга шегга, хIусам хир яц. Андрейс бахарехь, цуьнан петар чохь хилла лелхарш - "косметикан" ду аьлла цо.

"Со вара мэре дуьйцуш, сайн чохь пенаш этIарх- вовшаххоттарехь а, пурхенехь а. Цо боху-кх соьга, "шира хьахарш ду и охьаэгарш, керлачу цIеношкахь а ду изза хьал", - духа дуьйцу Михайлицына шен хьаькамца хилла къамел.

Журналисташка вистхуьлучу заманчохь а аьллера Магнитогорскан мэро Маркс Карлан цIарахчу цIа чохь "косметикан" талхарш ду аьлла, оцу хIусамаш чохь хуьлучу лелхийтарх хIора а хаам Iедалша шайн тергоне оьцу бохуш, тешалла а деш.

"Оха зуьйчу кхаа дийнахь цхьа а динамика яц оцу лелхарийн. И этIарш косметикан ду. И бохург ду, и хьахарш цхьанхьара охьаэгна хилар", - аьлла мэро.

Гергарчу кхаа баттахь шина подъездан бахархошна керла петарш лур ю аьлла, тIелаьцна кIоштан администрацино. Ткъа йисинчу подъездашна цхьа а компенсаци лойла дац: эккхийтарехь зенаш хилла дац аьлла ду, орцанхойн вердикт.

5-чу а, 6-чу а подъездашкахь бехачарна 10 эзар сом компенсаци яздина - пенаш тIера лелхийтарш дIадукъа а, чуьра цхьацца кхачамбацарш нисдан а.

Ткъа эккхийтар хиллачу цIийнан 12 подъездах итт бахархошна маьрша а, кхерамза а ю аьлла, тIечIагIдина Iедало.

Бакъду, ши подъезд чухаьрцина цIа кхерамза ду нахана чохь баха аьлла сацам, трагеди хиллачу 4-чу дийнахь дIакхайкхийра Магнитогорскан Iедалхоша. ХIеттахь белларш лоьхуш, херцарш охкуш шаьш деа дийнахь бина белхаш берзийнера орцанхоша.

"ХIусамийн долахойн "бакъо яц" элира Бердников Сергейс, - и сацам тIеэцарх дуьйцу Маркс Карлан цIарахчу цIийнехь ехачу Тропынина Еленас. – Магнитогорскера массо а эксперташ лохкур бара ас. Уьш берриш а гIалин Iедалхойх боьзна ма бу".

"Нагахь кхераме дац оцу цIа чохь ваха аьлла, айхьа чIагIо еш хилча, хьайн доьзал хаабехьа цу чу, масала, 6-чу подъезде", - хьоьху Тропынинас хьаькамашна.

"Кхераме ду кху чохь. Наб муха кхоьтуьйтур ю – со хууш яц,- дуьйцу оцу цIа чохь ехачу кхечу яхархочо Черкасских Еленас. – ХIара сингаттам, хIара кхерам. Лардаларан инстинкто ца юьту со цу чу яха а, я сайн бер чудига а."

Саулес дийцарехь, оцу зен хиллачу цIа чохь беха дукхахболу бахархой металлургин комбинатехь болх беш бу, уьш кхоьру шаьш балхах бохарна.

"Тхоьга боху: тапъалий Iе. Хьайн гIуллакх доцчу а ма гIерта. Шайн баганаш дIа а къовлий, Iе боху. Массеран а кегий бераш ду. Массара а бохург санна токхуш кредиташ, ипотекаш ду. Мила ваьхьар ву ша волчул а соввала? Цхьа а! Иштта тапъаьлла, шайн хIусамашкахь вехар ву-кх хIора а", - тешна ю и зуда.

Материалан автор "Настоящее время", гочдинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG