ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магнитогорскехь бохам хиллачу нахана гIо дийр ду Кадыровн фондо - Умаров


Магнитогорскехь кхелхиначарна юкъахь ю таджикийн къомах йолу зуда а, цуьнан кхо бер а.
Магнитогорскехь кхелхиначарна юкъахь ю таджикийн къомах йолу зуда а, цуьнан кхо бер а.

Магнитогорскехь цIа доьхна эшам хиллачу нахана гIо дийр ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо. Цунах лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министро Умаров Джамболата, хаам бо ТААС агенталло.

Министр хилла Магнитогорскехь. Цу гIаларчу дарбанан хIусамехь иза тIехIоьттина хIусамнана елла ткъа ша лазийна Iуьллучу стагана.

Умаровс дийцарехь, Кадыровн цIарахчу фондо гIо дийр ду бохам хиллачу нахана маситта миллион сом ахчанца.

ДIабаханчу ГIура-беттан 31-чохь, газ эккхар бахьана долуш, Магнитогорскехь, цIийнан динна дакъа чу а хаьрцина, велла 39 стаг. Деа дийнахь лийхира херцаршлахь орцанхоша нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG