ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КхоалгIа мур дIабирзича Нурмагомедовга ша аьлларг довзийтина Макгрегора


Нурмагомедов Хьабиб а, Макгрегор Конар а. 2018.
Нурмагомедов Хьабиб а, Макгрегор Конар а. 2018.

UFC-н экс-чемпионо ирландхочо Макгрегор Конора хаийтина UFC 229 латарехь кхоалгIа мур дIабирзича ша Нурмагомедов Хьабибе аьлларг хIун дара. Цунах лаьцна Макгрегора яздина Instagram-чу шен агIонехь.

Ирландхочо видео арахецна Iамеркахочуьнца Малиньяджи Полца ша цхьаъ къуьйсуш воллуш яккхина йолу. Макгрегора доьху шеца леташ волчуьнга "Iийжачура сацар". Видеона кIеллахь ирландхочо яздина, изза элира ша Хьабибе мур чекхбаьлча, иза цасоццуш "суьдхочунна велхарна" аьлла.

Латкъамаш эцна суьдхочунна тIеваха везарг ша вара аьлла хета Макгрегорна. "Хьабиба 4-а минотехь когаш лаьцна латтийра со, кхин лета аьлла меттах а ца волуш", - билгалдаьккхина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG