ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман дозане эскарш тIеузуш ю Туркойчоь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Туркойн армино чIагIйеш ю Шеман къилбаседехьарчу Идлиб провинцин дозанца йолу шен позицеш. Reuters агенталло хаам бина шотдийнахь, Дечкен беттан 12-чохь, туркойн дозанца йолчу Хатай провинце танкийн а, гIагI диллинчу машенийн а ковранаш кхаьчна аьлла.

Туркойчоьнан кхерамазаллин сервисаш комментари еш яц шайн эскарш дехьадахаран хьокъехь, амма цара харц а ца до Шеман территорина тIехь дIаяхьа шаьш тIеман операци кечйеш хилар.

Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан куьйгалхочо Помпео Майка пIераскана дийнахь туркойн арахьарчу гIуллакхийн министраца Чавушоглу Мевлютца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа ша тешна ву элира, шайн ши пачхьалкхан маслаIат каро аьтто бер хиларх, курдийн тIеман тобанашна гонах иккхинчу хаттарехь. Туркойн Iедалша и тобанаш терроран лоруш ю, хаам бо "Немцойн тулгIено".

Помпеос дийцарехь, Iамерко лору Туркойчоьнан бакъо хилар ша террористех ларъян. Цуьнца цхьаьна, Помпеос Абу-Дабехь визит дIахьош дIахьедина ма хиллара, шайца цхьаьна тIом бинарш Iалаш бан хьакъ долу нах бу аьлла хета Цхьаьнатоьхначу Штаташна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG