ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Э" центран хьаькам вен гIоьртина ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.

ГIалгIайчохь "Кавказ" федералан некъаца нохчийн дозанца лаьттачу полицин постана гергахь тIелатар дина республикерчу Экстремизмана дуьхьало йон центран ("Э" Центр) хьаькамна Эльджаркиев ИбраьхIимна. Иза чохь волчу машенна масатопп йиттина "Лада Гранта" чуьра.

Болчу хаамца, хьаькам ларвеш хиллачу кхаа гIаролхочунна чевнаш йина. Эльджаркиев дийна висина. Чевнаш хилларш дIакхачийна дарбанан хIусаме.

ТIелетар динарш къайлабевлла. Уьш лоьхуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG