ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь велла "Э" центран хьаькам вен гIоьртича чов хилла полисхо


Данбанан хIусамехь велла ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало йон центран ("Э" центр) хьаькаман машенна герз тоьхна чов хилла полисхо.

И тIелатар динера "Кавказ" федералан некъаца нохчийн дозанца лаьттачу полицин постана гергахь Дечкен-беттан 12-чохь. "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим чохь волчу Mercedes-на масатопп йиттинера "Лада Гранта" чуьра. Иза ларвеш хиллачу кхаа гIаролхочунна чевнаш хиллера.

Эльджаркиев дийна висина. Чевнаш хилларш дIакхачийнера дарбанан хIусаме. Царах цхьаъ ву велларг. ТIелетар динарш къайлабевлла. Уьш лоьхуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG