ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан куьйгаллехь болчарна реза бац Оьрсийчуьра 53 процент бахархой


Левада-центран директор Гудков Лев
Левада-центран директор Гудков Лев

Оьрсийчоьнан ах сов бахархоша (53%) Iедалхойн куьйгалла хийца лаам хиларх дIахаийтина, ткъа 40 процент реза бу цунна. "Левада-центро" байначу баттахь бинчу талламан жамIаш ишта ду.

2016-чу шеран гурахь министрийн кабинет дIасахеца реза ду шаьш аьллера бахархошлахь кхоалгIачу декъо. 57 процент бахархошна хетарехь, Iедалхой гунахь бац мехаш тIекхетаран а, бахархойн алапаш лахдаларан а проблемаш листа.

Ткъа 46 % тешна бу, бахархошна белхан меттигаш латто ницкъ ца тоьа церан аьлла. 43 проценто дIахьедина, бахархойн социалан агIо тесна юьту Iедалхоша аьлла.

Респондентийн жоьпаша гайтарехь, 36 процент бахархой тешна бу, хIинца йолу министрийн кабинет ларош цахиларх экономикехь лаьттачу кризисца. Экономика кхиорехь ойла а йина хIоттийна программа яц Iедалхойн аьлла, дIахьедина 30 процент хаттамбинчара.

7 процент респондентийн цхьана а кепара претензеш яц Iедалхошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG