ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчохь кема доьхна, велла 15 стаг


Оршотдийнахь киранан кема доьхна ГIажарийчохь. ТIаьххаьрчу хаамашца, 15 стаг велла, цу кеманчохь хиллачу 16.

ГIажаройн "Фарс" агенатллан информацица, пачхьалкхан тIеман ницкъийн кема дара иза. ГIиргIазойчоьнан коьртачу шахьарера Бишкекера жижиг дIахьош доьдуш хилла и "Боинг-707" кема. ГIажаройн Фатх аэропортехь охьадусучу заманчохь доьхна и.

Дийцарехь, дохк хIоьттина хиларна аэродромехь тиллачу летчикаша луларчу аэропортехь охьадосина хилла шайн кема. Шен асанел а дехьа а хахкаделла, цхьана дуьхьалонех а кхетта, иккхина кема.

Кеманчохь дийна висина бортинженер дарбан цIийнехь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG