ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар а шайн дахарх баккхийбийраш Соьлжа-ГIалахь карийна


Оьрсийчуьрчу финансийн университето жамIаш дина шаьш дахначу шарахь пачхьалкхерчу гIаланашкарчу бахархойн дог-ойла теллинчул тIаьхьа. 250 эзар вахархо шена чохь волчу оьрсийн 78 гIалахь дIабаьхьнера социологаша таллам, церан Iер-дахаран хьелаш зуьйш. Мах хадийнера ишта бахархойн кханалерачу дийнах болчу тешаман а, шаьш къахьоьгучу белхан меттиган кханенах мел бIо булу а къастош.

Дийнна 2018-чу шарахь дина университетан белхахоша шайн зераш. ХIора гIалин, мел лахара а 1000 респондентах дага а буьйлуш.

ЖамIаша гайтарехь, къаьсттина шайн дахар токхе хета Соьлжа-ГIаларчу а, Тюменерчу а, Ижевскерчу а, ХIинжа-ГIаларчу а, Краснодарерчу а бахархошна.

Шайн белхан меттиган кханенах тешна бу Ярославлера а, Соьлжа-ГIалара а, Тюменера а, Красноярскера а, Новокузнецкера а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG