ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн полисхошна динчу тIелатарехь кхи цхьаъ а ву лазийнарг


Экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхочун Эльджаркиев ИбрехIиман машенна Сунжа кIоштахь динчу тIелатарехь чевнаш йина ишта Наьсар-Кортарчу администрацин хиллачу куьйгалхочун кIантана Кодзоев Мурадна а. Дарбан цIийнехь ву иза карарчу хенахь.

Маршо Радионо яздира, дахначу шоьтадийнахь ГIалгIайчохь Эльджаркиевн машенна тIе герзаш деттарх.Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, машенчохь цуьнца цхьана хилла виъ полисхо а, 27 шо долу Несарара вахархо а.

Республикерчу дарбан цIийнехь дIахьедира, кхаа полисхочунна чевнаш йина аьлла, ткъа кIирандийнахь дийца даьккхира, царех цхьаъ кхалхарх.

Машенна тIе герзаш диттинчул тIаьхьа лазийна дарбан хIусаме кхачийра Кодзоев Мурад а. Операци а йина, даьндаргаш яьхнера цуьнан дегIаха. Цаьрца цхьана машенахь муха нисвелла Кодзоев, дуьйцуш дац.

Эльджаркиевна тIелатар дечу заманчохь лазийна Кодзоев Наьсар-Кортан администрацин хиллачу куьйгалхочун воI ву, хаамбина Фейсбукерчу шен агIонехь "ФортангаORG" паблико а.

Я могушаллин а, я чоьхаьрчу гIуллакхийн министраллийн, я Талламан комитетан сайтехь Кодзоевна чевнаш ярх цхьа а информаци яц, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG