ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Озабезамаш лелорца прокуратуре бехкбаьккхина Титиевс


Титиев Аюбна бехкаш дохкучу тешийн мукIарло харцден материалаш гIуллакхна юкъаяхийта дуьхьало йина кхело. Процессан шина а агIонна цхьатерра хьелаш латтош цахилар билгалдаьккхина Титиевн адвокаташа. Баъонашларъярхочо дIахьедина, и материалаш вовшахтоха декхаре прокуратура яра аьлла.

Маршо Радионо ма-яздарра, Титиев Аюбан гIуллакх толлуш ду Товбеца-беттан 19-чохь дуьйна Шеларчу кхелехь.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь а, Инстаграмерчу масех аккаунташкахь а таллам бинчул тIаьхьа, хIоттийна протокол гIуллакхна юкъадахийта аьллера оршотдийнахь йоьдучу кхелехь адвокаташа.

Цара зийначу Куьршаларчу полисхойн суьрташ тIехь "ГБР" тIеяздинчу барзакъехь бу ницкъахой. Ткъа оцу суьрто шеконаш кхуллу тешаша динчу кийтарлонийн. Оцу юкъанна прокуратурано хан а ехнера, материалаш талла.

Прокуроро Байтаевас динчу дIахьедарца а догIуш, бакъонашларъярхоша дийцарехь, бехк къастораш тIера ца бовлу, сайташ зийна документаш адвокатийн дехарца кечдина дацара, процессан декъахь йоцчу "Мемориало" тIедожийна дара аьлла.

"Процесс дIа мел йоьду гуш ду, бакъдерг къасто Iалашо яц прокуратуран. ХIара йоллу материал сан адвокаташа, я "Мемориало" гулъян езаш ма яцара, прокуратурано бан безаш болх бара", - аьлла, билгалдаьккхина Титиев Аюба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG