ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра араволучуьнгара ял яккхар хьехадо Джабраиловн ассоциацино


Оьрсийчохь пачхьалкхера араволучуьнгара ял йоккхуш низам юкъадаккха гIерта. Цу кепара инициатива кховдийна экс-сенатор лаьттинчу Джабраилов Iумара кхоьллинчу "Аванти" цIе йолчу, бизнес-туримз кхиоран ассоциацино.

Пачхьалкхан Думан спикере Володин Вячеславе а, Федерацин кхеташонан куьйгалхочуьнга Матвиенко Валентине а, ишта Оьрсийчоьнан туризман хьаькаме Сафонов Олеге а кхайкхамбина бизнесхоша.

"Прайм" агенталло яздарехь, документ тIехь хьехош ду, Оьрсийчоьнан бахархошна а, кхечу пачхьалкхашкарчу векалшна а доза хадочу заманчохь 500 сом охьадиллар тIедожорах.

Инициативан авторша бахарехь, и ахча дика хир дара оьрсийн туризм кхион.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG