ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанаш кхераме ю аьлла Песковс


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийна хетарехь, социалан машанашкахь дукха хан йоккхучарна кхерам лаьтта. "Аргументы и факты" газетана еллачу интервьюхь дина цо и дIахьедар.

"Шен дахарехь дукхахйолу хан социалан машанашкахь йоккхучу нахана кхерам лаьтта. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь шайн президентан харжамашна юкъагIортархьама кхоьллина хилла аьлла, маса оьрсийн аккаунташна зенаш хилла?! Со тешна ву, царлахь дуккхахболчарна оцу харжамех хууш хилла а хир дац аьлла. Делахь а дIакъевлира уьш", - аьлла Песковс, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Инстаграмера агIо дIакъовлар а хьахош.

Социалан машанашкахь блокаш еттар SWIFT-ан системаца дуьстина пресс-секретаро.

" SWIFT системаца санна хIума ду хIара а. ГIажарийчоьнан лелар ца тайний Iамеркана, оцу системан банкаш дIакъовлур ю. Тешам буй, кхана-лама Оьрсийчоьнна дIакъовлур яц аьлла. Я европхошна? Социалан машанаш а, экономикан системаш а хIинца йолчу координатийн системехь политикана юкъахьекхайо", - аьлла, тешна ву президентан пресс-секретар.

Цхьана агIор, Iаламат дика гIирс бу Инстаграм, боху Песковс. Делахь а хьан аккаунт компанин долахь ю, цундела мичча хенахь а цунна блок тоха тарло.

Дахарехь цкъа а хилла яц шен агIо боху Песковс я Фейсбукехь а, я "Одноклассникашкахь" а, я "ВКонтактехь" а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG