ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центр: Оьрсийчуьра ах сов бахархой хийца лууш бу Iедал


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир (аьтту aгӀop), премьер-министр Медведев Дмитрий. 2018
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир (аьтту aгӀop), премьер-министр Медведев Дмитрий. 2018

Медведев Дмитрийс куьйгалло дон министрийн кабинет дIасахецарехьа бу Оьрсийчуьра ах сов бахархой (53%), яздо "Iамеркан аз" портало. Дуьхьал бу – 40%. Иштта жамIаш ду "Левада-центро" дIадаханчу шеран ГIура-баттахь бинчу талламан. Кхин а цхьа бутт хьалха Iедал хийца деза аьлла хетачу нехан терахь дацара 33% бен. "Левада-центро" бинчу талламо гайтина тIаьхьарчу маситта шарахь ца хилла жамIаш хилар тIаьхьарчу талламо гайтинарш.

Иштта, цхьа шеко а йоцуш, Медведев а, цуьнан министарш а хийца беза аьлла хетарш бу талламехь дакъалаьцначерах 23%. Ткъа хийцича дика хир дара аьлла хетачеран терахь ду 30%.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь йолчу министрийн кабинетана бехке дуьллург ду мехаш хьаладовлар, ткъа тIедогIучу рицкъан барам охьабалар а (57%), болх хилийта Iедал гIорасиз хилар а (46%), социалан агIор адамашна гIо дан оьшучу барамехь лаам ца хилар а (43%), кхин дерг а.

Ткъа министрийн кабинето бечу балхана реза ца хила цхьа а бахьана дац аьлла, жоп делла 7 процент "Левада-центро" бинчу талламехь дакъалаьцначу наха.

Бозуш боцучу аналитикашна хетарехь, гергарчу хенахь дIахьур болу социологийн талламаш кхин а вон хир бу Медведевн Iедална, цIеххьана сурсатийн а, кхин долчуьнан а мехаш хьаладовларна. Оьрсийчуьрчу бахархоша шаьш реза доцучу хIуманашна юкъахь хьехайо 2019-чу шарахь дуьйна кхочуш ян йолош йолу пенсийн реформа.

Орешкин Дмитрий Оьрсийчохь вевзаш волу Iедалех возуш воцу политолог ву. "Iамеркан аз" зорбанан гIирсан Оьрсийн сервисна интервью луш цо билгалдаьккхира кху деношкахь "Левада-центран" талламан жамIаша гойтург "телевизионца лаьттачу къийсамехь кхачанан сурсаташ латточу шелиго атака йолийна" хилар. Делахь а, цунна хетарехь, "телевизионан" позицеш дIоггара ледара яц, Путинан рейтинг хьалха санна 60% гергга йисина хиларна.

"Цуьнца цхьаьна кхеташ ду Iедал Путина шена билгалдаьккхинчу хоршахь болх беш хилар, - боху политолого Орешкина. - Амма Оьрсийчуьрчу бахархойн коьрташкахь и ойла чӀагӀйелла яц. Царна, хIинца а хета президент ша ву, ткъа министрийн кабинет ша ю" аьлла.

Шен агIор Социалан боламийн а, глобализацин а институтан директорна Кагарлицкий Борисана хета, Медведевн Iедал цкъа а дацара наха лоруш аьлла. Ткъа социологийн талламан жамIаша гойтург ду, цунна хетарехь, цхьадолу хIуманаш социалогехь кхечу агIор гайта долийна хилар.

Хьалха хиллачул а ларам боцуш Iедал тIеэца долийна бахархоша аьлла ца хета шена, дуьйцу говзанчо. "Бухехь Iуьллург буха доьдийла дац", - боху цо. Кагарлицкийна хетарехь, Медведевн министрийн кабинет ларар даим а дара лахара.

Эксперташ тешна бу хIоьттинчу хьоло министрийн кабинетана цхьа а кхерам бохьуш цахиларх. Шен къамелашкахь Путина даима а гойту шен накъостана ша гIортор еш хилар, билгалдоккху цара.

Орешкинна хетарехь, Медведев дIаваккха сацам бийр бу Путина "тIаьххаьрчу рогIехь я тIаьххьара рагI тIекхале хьалха". "Президенто цхьа а хIума ца до, ша иза дийр ду аьлла нахана хеташ хилахь", - бохуш дуьйцу цо.

Кагарлицкийна гарехь, Путинан шена мел луу хье ца еш йита аьтто бу министрийн кабинет, цхьа а шена зен а ца деш. "ХIунда аьлча, нахалахь йоккху цӀе муха ю бохучуьнан бала болуш стаг вац цу махкахь, ткъа Iедалан кхане муха хир ю бохучунна цо беш цхьа тIеIаткъам бац. Цул сов, министрийн кабинет проблема яц президентана. И шиъ цхьатерра ца лору махкахь", - боху цо.

Iедал хийцар маьIна долуш хила мега, нагахь пачхьалкхана урхалла дечу наха Путинан метта кхин стаг хIотто веза аьлла сацам бахь, тешна ву социолог.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG