ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн зуда-таксхо йийначун гIуллакх кхеле дIакхачийна


Къилба-ХIирийчуьра зуда -таксхо йийна аьлла, бехкевечу Нохчийчуьрчу вахархочун гIуллакх Заводской кIоштан кхеле дIакховдийна. Стохка бIаьста Къилба-ХIирийчу яхначу нохчийн маслаIатан тобан аьтто белира йийначуьн гергарчаьрца бертабаха. Стохка Охан-баттахь Нохчийчохь йийра хIирийн яхархо. Масийттазза цунна урс а диттина, Сунжа хи чу кхоьсинера оцу стага цуьнан дакъа.

"Заводской кIоштан кхеле дIакхачийна 25 шо долчу жимчу стагна дуьхьал айдина бехкталламан гIуллакх. Иза бехкево Бехктакхаман кодексан 105-чу артиклца (шена пайдечу Iалашонца стаг вер) а, 162-чу артиклца (талор лелор, цхьаннан могушаллина зен а деш) а. Лелийначу зуламашна велла дIаваллалц хан кхачайо кхеле хIоттийначунна", - аьлла, "Кавкахский узел" агенталле дийцина прокуратуран белхахочо.

Маршо Радионо яздира, Къилбаседа ХIиричуьрчу таксхочун Уртаева Стеллин дакъа Нохчийчохь карорах. Йийначун доттагIаша бинера и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

Чермен эвлара схьаяьлла 40 шо долу Уртаева ехаш хилла БуьритIехь, шен доларчу Lada Kalina машен тIехь пассажираш дIаса а лелош. ТIехь цIийнда а воцуш, иштта рицкъ а доккхуш, цо ша хене доккхуш хиллера шен кхо бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG