ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доза цхьаьнадогIучу меттигехь" хьонка баккхар дихкина ГIалгIайчохь


Хьонка боккху хан тIекхачарца ГIалгIайчуьрчу орцан министралло хаам Iорабаьккхина, махкарчу бахархошна хьонка баккхар доьхкуш "доза цхьаьнадогIучу меттигехь" .

Шинаридийнахь арахецначу хаам тIехь ишта тIедиллина орцанхоша бахархошна, шаьш хьуьнчу боьлхучу заманчохь гергарчу орцанхойн тобане дIахаийта аьлла, маса стаг ву а, муьлхачу маршрутехь доьлху а. Документ тIехь яздина ду "хьонка боккхучу хенахь доьхку доза цхьаьнадогIучу территори тIе валар", аьлла

Нагахь хьуьнхахь тилахь, экстремалан ситуаци хIоттахь а бохуш, деш ду цу кепара дIахьедар аьлла ду хаам тIехь билгалдаьккхина. Амма къастийна дац, муьлхачу территори тIе вала магийна дац.

Телеграм-каналерчу kavkaz_leakbez авторна хетарехь, Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан территори ю аьлла, билгалъяьхна меттигаш ю Iедалхоша юьйцурш, яздо "Кавказский узел" агенталло.

"ХIара ду-кх хIара, маьрша Къилбаседа-Кавказехь дIасалелар", - аьлла, комментари йитина Телеграм-каналехь агIо лелочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG