ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна ца деза шен цIарах объекташ еллар, амма Нохчийчоь "ша-тайпа" мохк бу


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедина, шен цIарах объекташ еллар ца тов оьрсийн президентна аьлла. Амма Нохчийчохь тахкар – "ша – башха хIума ду" аьлла цо, "Аргументы и факты" хьостана еллачу интервьюхь.

Нохчийчохь цхьацца гIишлошна Путинан цIе стенна ло аьлла, журналисто хаьттинера пресс-секретаре. Дукха хьолахь президент реза ца хуьлу, я урамна, я гIишлонна шен цIе тиллича, амма Нохчийчохь "ша-тайпа" ситуаци ю аьлла Песковс.

"Цкъа делахь, Нохчийчохь шайн ламасташ, гIиллакхаш ду. ШолгIа аьлча, кхузаманарчу вайн пачхьалкхан исторехь ша-башха гIала хилла дIахIоьттина Соьлжа-гIала. Аьтта, охьа а харцийна, юха меттахIоттийна гIала ю иза", - аьлла Путинан пресс-секретаро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG