Вевзачу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона гонах долчун хьокъехь кхайкхамбина Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президиумо Полшин президенте Дуда Анджейга.
Кехат тIехь билгаладьккхина, Шемахь тIамехь хилла иза аьлла, Оьрсийчохь цунна дуьхьал бух боцуш долийна гIуллакх бахьана долуш, Полшехь лачкъа иза декхаре хилар. Полшин куьйгалхочуьнга доьху Ассамблейн президенто Кутаев Руслана Абдурахманов Iалашвар, цуьнан гIуллакх шен тергоне а эцна, цунна политикан тховкIело ялар.
Оьрсийчу юхаваха некъ бац Тумсон, цундела магон йиш йоцург ду иза пачхьалкхера араваккхар аьлла Ассамблейн хьалханчас.