ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу шен кIантана гIо дан гIоьртинчу нанас гечдар дехна


Францехь вехачу шен кIантана гIодархьама, нохчийн полисхоша йиттинера цунна аьлла, лоьрашкара кехат-тоьшалла дIакхачо гIоьртина ТIехьа-Мартанан яхархо Вадаева Кхокха, чIагIдо махкарчу "Грозный" телеканалан белхахоша. Республикан Iедалшна хьалха гечдар дехна ша зудчо а, цуьнан гергарчара а.

Шинаридийнахь меттигерчу телехьожийлан эфирехь сюжет гайтира, 2016-чу шарахь дуьйнна Францехь вехачу шайн кIантана лоьрашкара даьккхина харц тоьшалла дIакхачо гIортарх цуьнан гергарнаш. Юкъарчу хIусамчохь вехачу шен кIентан Iер-дахаран хьелаш тодархьама оьшуш дара и документ, яздо "Кавказский узел" агенталло.

"Нагахь и кехат цуьнга дIакхаьчнехь, гIуллакхаш дIанислур дара цуьнан. Ойла а ца еш динера ас иза, цунна гIоле хир ду моьттуш. Айса динарг нийса доцийла хаьа суна. Дохкояьлла", - аьлла Кхокхас.

Нохчийчуьра ара а даккхале, схьадаьккхина зудчуьнгара документ. Харц тоьшалла кечдинарш лоьху полицино. Вадаеван гергарчара чIагIдо, шайна хууш дацара цо лелочу "аферех" аьлла. "ЮьхьIаьржа ву со шуна хьалха. Суна цунах хууш дацара", - аьлла, билгалдаьккхина йоьдучу эфирехь зудчун гергарчу Авлургиев Халида.

Шайна тховкIело ялийтархьама, "Даймахкахь шаьш хьоьгучу баланех лаьцна, туьйранаш кхуллу цхьаболчу Нохчийчуьра Европе дIабахначу наха, шаьш ЛГБТ-н векалш ду бохурш а бу царлахь", дуьйцу сюжетан авторша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG