Нохчийчоьнан куьйгалхочун Украинехь хиллачу векалан Цицулаев Рамзанан шаьш дIалаьцна 218 эзар доллар ахча юхаделла Москохарчу кхело. ТАСС агенталло бина и хаам. Талламчийн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла ву иза.
"Пресненскан кхело стохка Чиллан-баттахь Москохарчу "Золотое кольцо" хьешан цIийнехь Цицулаевгара схьадаьккхина 218 эзар доллар дIалоцуш бина сацам юхабоккхуш хьесап дина кхело", - аьлла агенталлан хьостано, цуьнан гIуллакхан материал юхалиста хьажийна хилар билгалдоккхуш.
2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, иза Оьрсийчохь цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира.
Лурчаха гурахь Оьрсийчохь каравеана Цицулаев, Москохарчу СИЗО-хь латтош ву.