ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан даIишца уьйраш ю аьлла Кадыровс


Дуьненаюкъарчу террорхойн "Иблисан пачхьалкх" ("Исламское государство") организацица цхьана болх беш ю Украинан къайлаха сервисаш. Ишта дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен сайтехь. Дахначу шеран тIаьххьарчу беттан 26-чу дийнахь The Times газетехь зорбане яьллачу артиклца уьйр тосуш, зорбане яьккхина цуьнан публикаци. Материалехь вуьйцуш ву Шейх Мансуран цIарахчу батальонан эскархо. Украине ваха шен хиллачу бахьанех дуьйцу цо.

Кадыровс яздарехь, батальонан хьалханчу ву аьлла, цIе яхначу ЧIебарлойн Мусан бакъйолу цIе Шиксаитов Муса ю. 2004-чу шарахь цунна дуьхьал долийна ду бехкзуламан гIуллакх, бакъо йоцуш герз дарна а, теракт деш дакъалацарна а.

Кадыровс билгалдоккху, Мариуполан гергахь тIемаш беш нохчийн ши батальон ю бохург "украинхойн агитпроман байка" хилар.

"Тхоьгахь бакъйолу информаци ю, нохчех юьзна цхьа а батальон цигахь цахиларх. Ткъа цигахь волу ткъех стаг, кхерамаш а туьйсуш, шайн лаамехь санна дIаязбина нах бу. Уьш зуламхой бу, набахтера арабаьхна я Украинехь харцонца Iедал тIаьхьадаьлла лела нах бу уьш", аьлла ду хаам тIехь.

Ишта Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIакхайкхийна, Украинан къайлахчу сервисаша шайн "боьхачу Iалашонашкахь" нохчийн кегийрхойх пайдаоьцуш хиларх. Цо кхайкхамбина махкахошка. "Нагахь хIинца а зуламаш дан шаьш ларийна дацахь, цIийх ма дузийта шайн куьйгаш. Нагахь шаьш лехамашкахь делахь, тIедуьйла кхеле хIитта. Суна хаьа, шу тIемаш беш доций, амма шу Iехош ду къайлахчу сервисаша", - аьлла Кадыровс шен сайтехь бинчу кхайкхамехь.

Украинерчу муфтийн, шейхан Тамим Ахьмадан дIахьедарна тIе а тевжаш мехкан куьйгалхочо дIахьедо, экстремисташ кечбеш плацдарм хилла дIахIоьттина Украина.

Карарчу беттан юьххьехь Gordon.ua гIирсана еллачу шен интервьюхь шейха аьллера, дукхахйолчу экстремистийн тобанаша пайдаоьцу Донбассерчу конфликтех, шайн декъашхошна баккъалчу тIемашкахь а хилла, зеделларг хилийтархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG