ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Халачу муьрехь нохчийн къомана тIехIоьттина ву Путин


Нохчийчохь Путин Владимиран цIарх объекташ хIунда ю аьлла, Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаре Песков Дмитрийга журналисташа деллачу хаттарх комментари йитина махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата.

"Халачу муьрехь нохчийн къомана тIехIоьттина адам, иза ца хиллехь, тахана Нохчийчоь ишта дIахIуттур яра олийла а дацара. Ницкъболчу, хьекъалечу президентна нохчийн къомера баркалла ду иза, кхи хIуммаъ дац", - аьлла Умаровс.

Цундела шен цIарх Нохчийчохь гIишлош хIиттор адекватехь тIеэцна президенто аьлла министро.

"Суна хетарехь, Владимир Владимировича, ша эсала стаг хиларе терра, республикехь бечу сацамех нийса кхетта", аьлла, тIетоьхна зорбан хьаькамо.

Нохчийчохь керла хьаладен дзюдон цIа а Путинан цIарца хилар хьахийна Умаровс.

"Ткъа дика дац дзюдон керла хIусам хилар? Зуламе ду, цуьнан цIе а Путинан цIарца хилча? Путин - дзюдон говзанча ма ву. Уггар а лекхарчу тIегIане и спорт яьккхинарг а ма ву Путин. ДогIуш лелош ду дерриг а. Оьшуш дац Сталинца дустарш дан", - аьлла, кхайкхамбина Нохчийчуьрчу зорбан министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG