ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кехаташ ца хиларна Украинерчу чемпионатехь дакъалоцур дац гIалгIайн латархочо Белхароевс


Киевехь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь толам баьккхинчу гIалгIайн латархочо Белхароев Зеламхас дакъалоцур дац Украинехь хинйолчу чемпионатехь, шен кехаташца проблемаш хиларна аьлла, дийцина цуьнан тренеро Батхиев Казбека.

Украинан вахархо цахиларе терра, цуьнан бакъо яц къоман чемпионатехь дакъалаца. "Кху беттан 29-чохь Украинан чемпионате къесточу турнирехь чемпионатехь тоьлла Зеламха. Цкъачунна Украинан вахархочун санна документаш дац цуьнан карахь", - хаамбина тренеро, Белхороевн яккхий таронаш хилар билгалдоккхуш. Финалехь Зеламхаца лата цуьнан къийсархо Дзигасов Зеламха дуьхьалваьлча, Киеверчу чемпионатан толамхо ву аьлла, дIакхайкхийра Белхароев.

Цуьнан адвокат тешна ву, шен клиенто латаршкахь гайтина кхиам бахьана долуш, Украинан Iедалша цунна оьшу кехаташ лург хиларх.

2017-чу шеран аьхка Украинан кхерамзаллан урхаллан белхахочо чов йира ГIалгIайчуьрчу вахархочунна. Оьрсийчоьнан ФСБ-но шеконашка эцна Белхароев, радикалан "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" тобанехь кечамаш бина ву иза аьлла. 2014-чу шарахь Магасерчу кхело иза лаца бакъо елира. Ткъа ша Белхароевс чIагIдо, билгалъяьккхинчу хенахь ша Туркойчохь цхьана спортан клубехь кечамаш беш вара бохуш.

Туркойн пачхьалкхера Украине веара иза 2015-чу шарахь. Оьрсийчохь деллачу кхечу пачхьалкхе дехьаволучу шен паспортан хан кхаьчначул тIаьхьа, харц кехаташца Туркойчу дIаваха гIоьртинера иза, амма Украинан дозанхоша лецира. Белхороевна Оьрсийчу депортаци ян сацамбира Украинан Инарла прокуратурано, амма ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу комитето дуьхьало йира.

2016-чу шарахь Белхароев маьршаваьккхира, когах электронан буржал а тоьхна. Дукха хан ялале электронан хIоз баьстина, къайлавелира иза. Белхороевн адвокаташа чIагIдора, иза лачкъийна вигина бохуш.

Ткъа 2017-чу шарахь Iедалхошна юха а каравеара иза.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG