ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан бахархошна эхь хета шайн къоьллех а, пачхьалкхехь яьржинчу шогаллех а


Оьрсийчуьрчу бахархошна эхь хета шайн къоьллех, Советан зама йохарх, пачхьалкхехь шогалла яржарх а. "Левада-центро" Iорадаьхна шаьш байначу баттахь бинчу талламийн жамIаш.

Оьрсийчуьра 61 процент бахархой ийзало, шайна "тIаьхьара ца йолучу мискаллех". Эхь хета, цатам бу пачхьалкхерчу 45 % респонденташна, Советан Iедал дохарна. Бахархошлахь 37 проценто дIахьедо, шайна эхь хета пачхьалкхехь шогалла яржарна а, адамийн вовшашка ларам барна а аьлла.

Малхбузена шаьш тIаьхьадисар эхье лору 24 проценто. 21 процент жоьпаш деллачарна эхь хета, 1920-чу а, 1950-чу а шерашкахь лелийна репрессеш а, террор а бахьанехь.

Делахь а, 75 процент респонденташна Оьрсийчоь сийлахь, йоккха пачхьалкх хета. Стохка динчу хьесапашкахь 72 процент вара ишта ойла ерг.

Пачхьалкхех дозалла дар дузу цара Оьрсийчоьнан исторехь хиллачу хиламашца. Масала, Сийлахь-Боккхачу тIамехь толамбаккхар деза хетта 87 процентна. Космос караерзорах дозалла до 50 проценто. Литературехь баьхна кхиамаш беза хета 40 процентна. Iилманехь лакхенаш яхар хьалхадаьккхина 37%. ГIирма тIетохарх дозалла до 45 процент бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG