ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешархочунна тоьхна хьехархо балхара дIаяьккхина


Тольяттерчу лоьмар 93 йолчу школехь биологин хьехархо балхара дIаяьккхина, цо 5-чу классерчу дешархочунна бетах тIара тухуш видео интернетехь яьржинчул тIаьхьа. ГIалин мэрин пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

Хьалхо социалан машанашкахула яржийра, цхьана доьшучу бераша шайн телефон тIе дIаязйина видео.

Цу тIехь гуш ду, "йоI-дешархо хиларе терра хила" бохуш, хьехархочо дешархочунна бетах тIара детташ.

Дуьххьара хилла хIума дац иза бохуш, чIагIдо бераша а, церан дайша-наноша а. Талламан комитето шен тергоне а эцна, толлуш ду гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG