ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Би-би-сица болх беш хилла журналист вийна Ганехь


Би-би-си телеканалца болх беш хилла журналист-талламча вийна Ганехь. Меттигерчу футболехь иккхина коррупцин скандал Iораяьккхинера цо ша бинчу талламашкахь. Футболан федерацин куьйгалхо даржах вохийна.

Шен цIе хьулйина болх беш хилла Хьусейн-Суале Ахьмад герз диттина вийна яхначу пIераскан буса, яздо меттигерчу КхоалгIачу телехьожийлан каналан сайто. Мотоцикл тIехь воьдучу шиммо герзаш диттинера цунна, иза шен цIа воьдучу заманчохь. Шозза некхан ун тIе а, цкъа логах а герзаш кхетта цунна. Иза веле хьалха телеэфирехь цунна кхерамаш тийсира Ганан парламентан декъахочо Агьяпонг Кеннедис, хоуьйту сайто.

"Нагахь шайна иза цхьанхьа гахь – лергаш кегделаш цуьнан. Ас боху шуьга - етталаш цунна. ХIуъа хилахь а, ас мах лур бу шуна цунах. Вон кIант ву иза",- аьллачу Агьяпонган дешнаш далийна КхоалгIачу канало. Иза дуьйцучу хенахь журналистан суьрташ гайтина эфирехь.

Хьусейн-Суалес бинчу белхан Би-би-си канало гайтина кино ца тайна реакци яра Агьяпонга эфирехь гайтинарг. Ганерчу Футболан ассоциацин хьаькамаша, шайлахь цуьнан президент Найантакии Квеси а волуш, муха оьцу кхаьнаш дуьйцура цу кино чохь. Отел чохь 65 эзар доллар ахча Найантакиис кхаъна оьцучу заманчохь видео яьккхинера.

Дуккхаъчу футболан куьйгалхойх хьакхаелла коррупцин скандал бахьана долуш, Найантакии даржах ваьккхина ца Iаш, гуттаренна а дисквалификаци а йина цунна.

Журналисташна тIелатарш дар наггахь бен хуьлуш дац Ганехь, билгалдаьккхина Би-би-си-но. 2015-чу шарахь вийнера тIаьххьара журналист.

Ганерчу медиан пачхьалкхан Комиссин куьйгалхочо кхайкхамбина, журналист верна парламентан декъахо бехке ма ве, нехан суьрташ гайтарна, цунна бехк буьллийла дац аьлла. Цул совнах, телеэфирехь цу кепара дIахьедарш дечу хьоле иза ваккхаран бахьанаш а довза деза аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG