ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьаммад Iелин цIе тиллина Iамеркарчу аэропортна


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Кентукки штатехь хилла Луисвилл аэропортна Мохьаммад Iелин цIе тиллина. Аэропортан куьйгалло а, гIалин мэрино а тIечIагIбина и сацам. Еаридийнахь 77 шо кхочур дара гоьваллачу боксеран.

Иза дуьххьара вара дуьненан чемпион цIе кхузза яьккхинарг.

Ша къона волуш дуьйна а расизм емалъеш а, Вьетнамерчу тIамна а дуьхьал вара иза. Шен спортан оьмарехь дуккха а политикашца, дуьненан лидершца гергарлонаш лелийна, Iамеркан Штатийн муьлххачу а гIалахь а, юьртахь вевзаш стаг а вара иза.

Деххачу шерашкахь Паркинсон цамгарца къийсавелла боксан охIла, гоьваьлла спортхо, адамаллица къаьсташ хилла волу Мохьаммад Iали кхелхина 1981-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG