ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магнитогорскера лелхийтарш шайна тIелаьцна даIишо


Магнитогорскерчу цIа чохь а, такси чохь а динчу лелхийтарх жоьпалла шайна тIелаьцна Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Iарбойн Al Naba газетан информацех пайда а эцна, Iорабаьккхина и хаам террорхойн тобанийн жигараллана тIехь терго латточу SITE Intelligence Group организацино.

Directorate 4 телеграм-канало и хаам тIечIагIбеш, зорбане яьккхина Al Naba газет тIера артиклан текст. Цу тIехь бакъдо, даIишхойн агIончаша оцу цIа чу йиллина хила тарло оьккхуьйтург аьлла. Теракт динчеран кхерамзалла ларъярхьама Iийра шаьш боху "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша кхаа кIиранах гергга тапъаьлла.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь 10-зза тIекIелдинчу Магнитогорскерчу цIийнан цхьа подъезд чухаьрцинера. 39 стаг велира херцарш бухахь висина. Официалан хаамашца, хIусамчохь газ иккхинера.

Цунна тIаьххье, карарчу беттан 1-чу дийнахь шех цIе а яьлла, иккхира "Газель" машен. Кхо стаг велира хIетахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, машенчохь газ ютту гIирс галбаьлла хиллера аьлла.

Znak.com а, "74.ru" гIирсаша, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьостанашна тIе а тевжина яздира, цIа чохь динарг теракт хила тарло аьлла. Ткъа "Газель" чохь хилла эккхийтаран уьйр хила тарло дуьйцура, Магнитогорскехь дина эккхийтар бахьана долуш шеконашца нах лецарца.

Талламан комитето шаьш хIора верси толлуш ю, амма шаьш тешна ду элира, цIа чохь иккхинарг газ хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG