Халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре йина махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха. "Шуьйрра дIа а кхайкхош, декхар охьадилла дезашверг жоьпалле ийзоро иза дан амал дацарна холчахIоттаво. Оцу бахьаница ерриг юкъаралла сингаттаме кхачайо. Ткъа оцу хьоло сахьт дац бахархой протесте баха а", - боху терго ечу хьукматан пресс-гIуллакххочо.
2017- чу шарахь дуьйна буьйлабелира Соьлжа-ГIалахь газ дIахедо декхаршна дуьхьал. Коммуналан ял схьагулъян ницкъ ца тоарна, Кадыров Рамзана дIаваьккхира гIаличуьра виъ префект.
Нохчийчуьрчу дукхаъчу бахархошна тIехь ду коммуналан хьелех декхарш. Мэрин зерашца, тоьках ахча охьа ца дуьллу, масала, Соьлжа-ГIаларчу кхолгIачу декъо.
"Чеченэнергон" белхахоша кест-кеста рейдаш дIахьо декхарш схьагулдеш. Дахначу шеран Лахьан-беттан шина кIиранчохь вовшахтуьйхира цара меттигерчу бахархошкара схьалахьийна 39 миллион сом, яздира "Кавказский узел" агенталло. Ткъа шо доладелча анонимехь кехаташ кхечира цаьрга, декхаршна духьал шаьш хIусамаш схьайохур ю аьлла.