ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин хIорда тIехула вовшахкхетта ши кема


Японин хIорда тIехула вовшахкхетта Су-34 тIеман ши кема. "Интерфакс" агенталло яздо цунах, тIеман министраллан официалерчу хаамна тIе а тевжаш. ПIераскан Iуьйранна радарашкара къайладевллера кеманаш. Шиннах цхьа Су-34 тIеттIакхеттачул тIаьхьа хIорда чу доьжнера. ШолгIачун, дийцарехь, ницкъ тоьъна охьахаа.

Комсомольск-на Амур гIалина 17 километар генарчу Хурба аэропортехь гIуьттуш, шайн планаца а догIуш, дIасахехкалуш хиллера и кеманаш. Кеманхой дийна бисина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG