ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Росгвардина телхина картолаш яр толлуш ду


Соьлжа-ГIалахь куп тоьхначу Росгвардин эскархойн 46-чу бригадана "Дружба народов" комбинатера 30 тонн телхина картолаш ярна гIуллакх долийна Талламан комитето. РБК агенталло бина и хаам. Шен бакъонел а совваьлла, зулам дарна бехкевина Росгвардин "Авангард" спецназан командиран гIовс Кондратьев Олег.

Талламчийн версица, иза ву шен бакъо йоцушшехь, 30 тонн картол схьаэца аьлла, омра делларг. Цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан материалехь билгалдаьккхина, схьакхачийна картолаш телхина юйла цунна хууш дара аьлла.

800 эзар соьмана пачхьалхкна зен дина полковника Кондратьевс, цуьнан пурбанца чуэцначу картолах 19 тонна яхкаяларца.

Талламо чIагIдо, шена са хиларца, шен йолчу бакъонел а тIехваьлла иза аьлла. ГIуллакх дуьхьал долийначул тIаьхьа эпсарийн могIарера дIаваьккхина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG