ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Красноярскерчу бахархойн декхарш а тIерадаха деза аьлла меттигерчу депутато


Красноярскерчу депутато Притуляк Дениса шен Фейсбукерчу агIон тIехь пост хIоттийна, Красноярскан кIоштарчу бахархошна тIехь мел долу декхар дIадайар доьхуш. Нохчийчуьра бахархой протесте бовларна кхоьруш коммуналан декхар тIерадоккхуш ду Нохчийчохь аьлла, хаам баьржинчул тIаьхьа дина депутато и дIахьедар.

"Вайн пачхьалкхерчу бахархоша дукха шераш ду хих, тоьках, газах, кхийолчу комманалах даккхий ахчанаш охьадохку. Кхи тIе а вай боккха пайда бохьу пачхьалкхана, дIалун кредитийн лакхара проценташ а цхьана. Оьрсийчуьрчу муьлххачу а меттигехь адам дахахь а, декхаре дулу иза хьаькамийн коррупцино а, бIаьрмецигалло а. Оьрсийчуьрчу цхьана регионна дуьтуш ду 9 миллиард сом. Ткъа хIунда ца дуьту декхар ишта Красноярскан кIоштан бахархошна а цхьана? Миллиардашкахь декхарш халкъ къоьллехь хиларна гулделла ду, хьаькамаша а, бизнесхоша а дика болх барца гулделла дац.

Со тешна ву, йоллу Краснояркан кIоштахь бехарш а мукъабаха беза кредитех, коммуналан хьаштех, гIаданех гулделлачу декхарех аьлла. Цу кепарчу амнистино вайн экономика тойийр ю, бахархойн дог-ойла а ойбур ю", - яздина депутато Притуляк Дениса.

Мини-Жириновский аьлла, цIеяхна ву депутат Притуляк, шен скандале дIахьедарш бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG