ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстато 6-зза лахдина Оьрсийчуьра дIабахначу нехан терахь


Норвеги -- Норвегин полицин эпсар дан дезарг дуьйцуш ю Киркенесана гергахь Оьрсийчоьнан а, Норвегин а доза хадийначу нахе. 2015 шо.
Норвеги -- Норвегин полицин эпсар дан дезарг дуьйцуш ю Киркенесана гергахь Оьрсийчоьнан а, Норвегин а доза хадийначу нахе. 2015 шо.

"Проект" цIе йолчу зорбанан гIирсо таллам бина Оьрсийчура дIабахначу бахархойн бакъдолу терахь къастош. Гучудаьлларг ду Росстат урхалло масийттазза и терахь лахдина хилар, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Оьрсийчуьрчу статистикан урхалло тIаьххьара бина хаам боьзна бу 2017-чу шарца. Цу шарахь, Росстато чIагIдарехь, Оьрсийчуьра кхечу махка ваха дIавахна 377 эзар стаг. Оццул дукха нах махкахбевлла бацара цу пачхьалкхера кху тIаьхьарчу 5 шарахь.

Уьш вуно хазахеташ бу адамаш дIаоьхуш хиларна. ХIунда аьлча, жигара а, реза боцу а нах дIа дукха мел боьлху, паргIат яха аьтто бу цу режимана"

2012-чу шарца дуьстича, Оьрсийчуьрчу мигрантийн терахь алсамдаьлла кхузза. Ткъа Путин Владимир кхоазлагIа а президент хIоьттинчул тIаьхьа махкахваьлла 1 миллион 700 эзар стаг.

"Проект" зорбанан гIирсо дуьстина и терахьаш Оьрсийчуьра бахархой тIеоьцучу пачхьалкхаша арахеначу терахьашца. Масал санна юьхьарлаьцнера журналисташа 2016-гIа шо, оцу шарахь болу хаамаш алсам бевзаш хиларна. Цхьаьнацадарш вуно дика гуш ду.

Иштта, Росстато дийцарехь, Оьрсийчуьра Германе дIавахна 4 694 стаг, ткъа немцоша шайн махка кхаьчна аьлла дIаязвинарг ву 24 983 Оьрсийчоьнан махкахо.

Росстато дуьйцург вуно алсам къаьсташ ду Оьрсийчуьра Iамерке а, Чехе а, Венгре а дIабахна нах буьйцуш. Оьрсийчоьнан статистикан урхалло лахдина Iамерке дIабахначу шайн махкахойн терахь 9-за, Чехе-12-зза, Венгре-14-зза.

Берриг а махкахбелла нах схьаэцча, Экономекехула юкъаметтигаш дӀакхехьарехула вовшахтохараллан 24 пачхьалкхе Росстато чIагIдечулла а 6-зза алсам адамаш дIадахна Оьрсийчуьра.

2017-чу шарахь махкара бахархой дIабахрехула Оьрсийчоь ю кхоалгIачу меттехь, официалан терахь (377 эзар стаг) схьаэцча а, яздо "Iамеркан аз" портало. Хьалхарчу меттехь ю Инди, шолгIачу меттехь – Мексика. Оьрсийчоь цу гайтамехь хьалхаяьлла Китайл а, Бангладешал а.

Политологна Крашенинников Федорна хетарехь, эмиграцин процесс пайдехьа ю Оьрсийчуьрчу Iедалшна. "Суна хетарехь, уьш вуно хазахеташ бу адамаш дIаоьхуш хиларна. ХIунда аьлча, жигара а, реза боцу а нах дIа дукха мел боьлху, паргIат яха аьтто бу цу режимна", - боху Крашенинниковс "Iамеркан аз" зорбанан гIирсана ша еллачу интервьюхь.

Оьрсийчуьра бахархой дIабахран бахьанаш ду шен дахарца а, доьзалца а доьзнарш"

Росстато терахьаш лахдар оьшуш ду Iедалшна чоьхьара пропаганда дIахьош махкара дIабоьлхуш болу нах дукха бац ала, тешна ву политолог.

Gallup (Геллап) социлогин инстутуто бинчу талламо гайтарехь, уггаре дукха мигранташ гIерта Iамерке кхача. Веха метиг хийца луучу 21% наха хоржу Цхьаьнатоьхна Штаташ. ШолгIачу меттехь ю Канада – 6%.

Iамеркан махкахо ша хIоьттинчул тIаьхьа сурт даккхийтина Оьрсийчуьрчу Сиротин Василийс.
Iамеркан махкахо ша хIоьттинчул тIаьхьа сурт даккхийтина Оьрсийчуьрчу Сиротин Василийс.

Росстато чIагIдарехь, Оьрсийчуьра бахархой дIабахран бахьанаш ду шен дахарца а, доьзалца а доьзнарш. Бозуш боцучу социологаша гойтург кхин сурт ду.

Левада-центро бинчу талламца, Оьрсийчуьрчу бахархоша кхечу пачхьалкхе дIабоьлхуш далош долу коьрта бахьанаш ду – дахаран хьелаш а, махкал арахьа дахар дика хилар а, Оьрсийчохь экономикан хьал тешаме ца хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG