ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров куьйгаллера дIаваккхар доьхуш Москох баьхкина гIалгIай


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран администраци баьхкина ГIалгIайчоьнан векалш - къано Барахоев Ахьмад а, бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад а, Москох веха адвокат Ахильгов Калой а. Республикерчу 50 эзар вахархочо куьйгъяздина президенте кехат дохьуш баьхкина уьш.

ГIалгIайн къаноша яздинчу кехат тIехь дуьйцу махкарчу ледарчу социалан-экономикан хьелех а, яьржинчу коррупцех а, низамаш талхош хиларх а. ГIалгIаша доьху:

1) нохчийн-гIалгIайн дозанаш хуьйцуш бина сацам юхабаккхар;

2) Евкуров Юнус-Бек куьйгаллера дIаваккхар;

3) репрессеш лайначарна реабилитаци еш 1991-чу шарахь арадаьллачу низаман хIора а пункт кхочушъяр.

Администрацехь чуэцна гIалгIаша президенте бина кхайкхам. Бахархойн хеттаршца болх бечу департаментан куьйгалхочо Григорян Эрика тIеийцира Барахоев Ахьмад. Гергарчу шина дийнахь луьстур ду чуделла кехат аьлла, дош делла Григоряна Барахоевна, дийцина "Кавказ.Реалии" портале къаночо.

ХIун бахьанаш ду шу Оьрсийчоьнан президенте довларан аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, Барахоевс аьлла: "Тхо юьхьанца дуьйнна а низамийн а, Конституцин гурашкара ца довлуш схьадогIуш дара. Оьрсийчоьнан Конституцин кхел а тIетовш хилча антиконституцин бертана, президенто мукъна а йийр яц-те нийсо аьлла хета тхуна".

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG