ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархой декхарх мукъабахар "нийсонца бина" сацам бу аьлла Каримов Iаьлвис


Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iаьлви

Нохчийчохь бахархоша газах тIехьерчийна шира декхарш дIадайарх вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретар Каримов Iаьлви. "Тахана долчу хьелашка а, объективе хаамашка а хьаьжна, нийсонца тIеэцна сацам бу и", - аьллачу Каримовн дешнаш далийна "Новости" агенталло.

Цо дийцарехь, хьесапаш дечу заманчохь тидаме эцна, и декхар тIехьарчаран бахьанаш.

Маршо Радионо яздира, халкъ дуьхьал гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре йина хиларх махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха.

"Шуьйрра дIа а кхайкхош, декхар охьадилла дезашверг жоьпалле ийзоро иза дан амал дацарна холчахIоттаво. Оцу бахьаница ерриг юкъаралла сингаттаме кхачайо. Ткъа оцу хьоло сахьт дац бахархой протесте баха а", - аьллера терго ечу хьукматан пресс-гIуллакххочо.

XS
SM
MD
LG