ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан пачхьалкхан департаменто Оьрсийчоьне кхайкхамбина, Титиев дIахеца аьлла


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департамент сингаттамехь ю, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна. Оьрсийоьне тидамбе аьлла, кхайкхабина цо, ЛГБТ-н векалшна Iедалхойн тIаьхьабовларна а, ишта тIедожадо Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккхар а.

"Оха тIедожжийна дехар до Оьрсийчоьне массо а бакъонашларъярхойн бакъонаш Iалашъяр а, харцонца лаьцна латтош мел верг, Титиев Аюб а цхьана, дIахецар а", - аьлла ду Iамеркан департаментан дIахьедарехь.

Цкъачунна цхьана а кепара реакци яц департаментан дIахьедарх йина я Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан а, я Нохчийчоьнан куьйгалхочун сайташкахь.

XS
SM
MD
LG