Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто Нохчийчохь ЛГБТ-н векалшна тIехь ницкъбо аьлла, динчу дIахьедарна жоп делла махкарчу омбудсмено Нухажиев Нурдис.
"Гуш ду, Малхбузера Оьрсийчоьнан "партнераш" муьлххачу а гIирсашца шайн Iалашонаш кхочушъян гIерташ хилар. Талламаш бе бохуш, дIахьедар дале хьалха уьш декхаре бара, цу кепара информаци бухера дуьйнна талла. Церан логикаца лелахь, хIора денна Европерчу мехкашкахь, къаьсттина Iамеркехь, лело харцонаш йийца йиш ю-кх", аьлла Нухажиевс.
Республикан бакъонашларъярхочо билгалдоккху, муьлхха а гIуьтту хеттарш юридикаллехь листа дезаш хилар. Тешаш хила беза, шайна тIехь харцо лелийна бохуш, дIахьедарш а хила деза, аьлла цо.
"Дийца-м хIуъа а дуьйцур ду, ткъа талла воьлча факташ ма оьшу. Нагахь Нохчийчохь цара юьйцу халонаш хилча, уггар хьалха тхуна Iораевр яра уьш. Цундела, тхан олийла ду, цхьаннан интересаш а йолуш, лелорийг провокаци ю аьлла", -дIахьедина Нохчийчохь бакъонаш Iалашъян векал винчу Нухажиев Нурдис.
Ишта мехкан зорбан министро Умаров Джамбулата а элира, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векалца хиллачу цхьанакхетарехь, Нохчийчохь адамийн бакъонашца долчу хьелех ООН-ан а, ОБСЕ-н а муьлххачу хетаршна жоьпаш дала ша кийча ву аьлла.