ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошца уьйрашкахь хиллачунна кхайкхийна кхел юхаяьккхина


ГIаттамхошна гIоьналла латтийна аьлла, меттигерчу вахархочунна йина кхел юхаяьккхина Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Набахтехь даккха 8 шо хан тоьхначу Соьлжа-ГIаларчу жимчу стеган гIуллакх керлачу кхелахошка юхалиста хьажийна. Старопромыслан кIоштарчу кхело кхайкхийнера хьалхо иза бехкелоруш вердикт.

Цуьнца а догIуш, масех шо хьалха гIаттамхойн дехарца, цара хьуьнхахь лаьттах доьллина ахча схьа а аьхкина, тIемалошка дIакхачийнера цо, шена мах белча аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле республикерчу прокуратуран белхахочо.

ГIуллакх толлучу хенахь кIоштан кхело зуламан-процессуалан низамаш талхийна аьлла, Старопромыслан кIоштан кхелахоша бина сацам юха а кхайкхош, Лакхарчу кхело тIедиллина, цуьнан гIуллакх юхалистар.

Старопромыслан кIоштарчу кхелехь кхечу суьдхойн тобано луьстур долуш ду долийна дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG