ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха гулделла Нохчийчохь газах 9 миллиард декхар?


Регионерчу кхелан сацамца, Нохчийчуьрчу бахархошна тIера даккха кечдина 9 миллиард сом декхар муха гулделла ду аьлла хаттар хIутту. ТIеман 1990-чу а, 2000-гIа шерашкара схьа, Соьлжа-ГIала херцаршлахь Iуьллучу заманчуьра дуьйнна вовшахкхетта декхар ду иза аьлла, кхетийна Нохчийчоьнан цIарах оьрсийн пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила.

Карладоккху, дукхахболчу Нохчийчуьрчу бахархоша бух боцуш а, Iедалхоша шайггара дIакхайкхийна а лору, шайна дитина боху 9 миллиард сом декхар. "Кавказ.Реалии" портало хаттам бинарш а, социалан машанашкахь дийцаредийраш а цецбевлла, дахначу шарахь бертаза, балхах дохор ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, нахера декхарш схьа ма лехьийра цара бохуш.

Стохка Охан-баттахь республикехь Iедалан балхахь берш цхьабоса раьгIнаш йина лаьттира, шайна тIехь дисина коммуналан декхар дац аьлла, кехат-тоьшаллаш эца баьхкина. Белхан алапаш сецадора хIетахь коммуналан ял дIа ца елча.

Телехьожийлехь даим гойтуш яьхна роликаш хуьлура, тоьках ахча хьединчеран серий дIахедош. Делахь а, кху шеран карарчу баттахь Iедалхоша дIахьедира, махкхаь 35% бахархошна тIехь декхар дуьсуш хиларх а, церан и такха чот цахиларх а.

Цу тIера хила тарло, кхоллаелла верси: Нохчийчоьнан урхалло шайггара дIакхайкхина ду и терахь, ахча шайн кисана диллархьама.

"Соьлжа-ГIала херцаршлахь яра, тIеетташ бомбанаш яра, амма хIетте а тIехьерчош ма дара ахча. Со гIалин вахархо хиларе терра, суна дика дагадогIу, йоллу гIала наха биргIанаш чу хIиттийначу факелшца серлаяьккхина хуьлура. Газ биргIанашкахула дIаоьхуш хуьлура, иза сацон таро яцара. Цундела бахархоша даим а ягайора газ.

Хьожанна садаккха йиш цахиларна, цхьайолу биргIанаш жгутца дIайоьхкура, амма вукхунхьашхула дIаоьхуш хуьлура",- бохуш, дийцинчу депутатан монолог зорбане яьккхина "Дума ТВ" канало.

Масийтта шерашкахь йоллу Нохчийчохь аьлча санна лаьттара боху Саралиевс ишта хьал. Эххара газан белхалой а баьхкина, цара дIадуькъира Iуьргаш. Оцу бахьанашца бахархоша шерашкахь пайда ца эцна газах, цундела нохчийн Iедалхоша "Газпроме" миллиардашкахь декхар тIерадаккха аларан коьрта аргумент и ю, аьлла Саралиевс.

Шена долчунна, "Газпром межрегионгаз Грозный" компани дагахь яц кхелан хьесапна тIетан. РБК агенталло яздарехь, суьдхойн сацамна латкъамбан дагахь бу уьш.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG