ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера зуда бехкейо даIишна ахча латторна


Дагестанские огни гIалин яхархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна махкарчу Талламан комитето, цо гIаттамхошна гIо латтийна аьлла.

"2014-чу шарахь 30 шо долчу оцу жимчу зудчо, некъ гойтуш хьалхабевлла нах а болуш, низамаш дохош, Шеман дозан хадийна хилла. Цигахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн организацехь лаьттина иза", - дIахьедо Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.

Ишта билгалдоккху, шеконашка эцначу зудчо даIишхошлахь болчийн гергарчаьрца а, церан бевза-безачаьрца а зIенаш тесна, ахчанца гIо латтош хилла Шемахь болчарна аьлла. Лехамашкахь ю юьцу зуда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG