ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн спортхоша допингаш лелорах 100 тоьшалла къайладаьхьна хилла Оьрсийчоьно


Дуьненаюкъарчу антидопинган менеджементах шаьш талламбина допинг-контролан 100 эзар протокол къайладьахьна хилла оьрсийн антидопинган агенталло. РУСАДА-н директоро Ганус Юрийс Дуьненчуьрчу антидопинган агенталле дахьийтинчу кехат тIехь бина и хаам, яздо "Новости" гIирсо. Гануса чIагIдарехь, ледарлонаш йовлийтина организацехь хьалха болх беш хиллачу тобано.

Стохка РУСАДА-с шозза бина талламаш бирзича Iораевлла лелийна харцонаш. Протоколаш базана юкъа дохуьйтуш ду. Шен кехат тIехь Гануса доьху Дуьненчуьрчу антидопинган агенталле, РУСАДА-н статус тIечIагIъяр. ТIаккха бакъо хир ю агенталлан спортсменаш допингех чекхбаха.

2015-чу шарахь яьккхинера РУСАДА статусех. Оьрсийоьнан спортехь допингах пайдаоьцуш хиларх Макларен Ричард куьйгаллехь волчу йозуш йоцчу комиссино таллам бинчул тIаьхьа, шайн рапорт зорбане даьккхича статусах яьккхинера РУСАДА.

Стохка гурахь WADA-с кхаьжнаш тесира, цхьа могIа билламаш дуьхьал а бохуш, оьрсийн агенталлан бакъонаш юхаметтахIитторехьа. Спортехь лело йихкинчу препараташна дуьхьал къийсам латторехь шаьш эшна хиларна мукIарло дира Москоха. Амма тIе ца дитира, пачхьалкхна а хууш, къайлахчу сервисаша а, хьаькамаша а мага а деш, допингах пайдаэцна бохург.

Байначу баттахь Гануса кхайкхамбира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Оьрсийчоьнан спорт "берда йистехь" ю, WADA-н эксперташ Москохарчу антидопинган лабаратори чу ца битарна аьлла.

Кху беттан 22-чохь WADA-с дIахьочу кхеташонехь дийцаредийр ду РУСАДА-н бакъонаш юхаметтахIитторах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG