ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоллу Оьрсийчоьнан бахархойн коммуналан декхарш тIерадаха аьлла Думан депутато


Пачхьалкхан Думан могушалла Iалашъяран комитетан декъахочо, Ульяновскерчу КПРФ-н хьалхарчу секретаро Куринный Алексейс кхайкхамбина Нохчийчоьнан масал тIехь, Оьрсийчоьнан массо а бахархошна тIехь лаьтта коммуналан декхарш дIадайа аьлла.

"Нагахь санна, дуьйцу декхар цкъа а схьалур доцу, кхо шо хьалха дуьйна тIехьарчийнарг делахь, йоллу пачхьалкхна а дита дезаш ду и ахча. ХIунда аьлча, кхелехула а схьадаккха йиш йоцуш декхар ду иза. Ткъа бертаза ахча схьадаккха гIортахь, дуьхьал чу иск лур ю бахархоша, жоьпе озо магийна хан тIехъяьлла аьлла", - дийцина цо "Говорит Москва" радиостанцин эфирехь.

Депутато билгалдаьккхина, газах долу декхар доцург а, дуьйцург ду "кхо шо хьалха дуьйнна тIехьерчийна кхечу коммуналан хьелех декхарш а" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG