Дагестанерчу прокуратурано бехкзуламан гIуллакх долийна лард доцуш Каякентан кIоштарчу бахархошна газах ахчанаш тIехьерчадарна, хаамбина прокуратуран пресс-гIуллакххоша инстаграмехь. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, ФСБ-н белхахошца а юкъахь таллам бинчул тIаьхьа долийна гIуллакх.
Иштта харцо лелорца гIуллакх дуьхьалдаьккхина Карабудахкентан кIоштахь а. 422 миллион соьме даьлла хилла цигахь газах хьарчийна декхар.
"Шина баттахь цхьа а бух боцуш тIедожийна хилла бахархошна газах 36 миллион сом", - дийцина прокуратурехь.
Талламаш дIабахьа дагахь бу уьш Дагестанан кхечу кIошташкахь а, гIаланашкахь а.