ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БиргIа иккхина Мексикехь велла 73 стаг, лазийна 74


Мексикерчу Идальго штатехь биргIа иккхина велла 73 стаг, лазийна 74. Штатан губернаторо Файяд Омара твиттерехь хаамбарца, чевнаш йинарш дарбан цIийнехь бу. Хьалхо дIакхайкхийра, велларг 66 ву, чевнаш йина 76 стагна аьлла.

Карладоккху, инцидент хилла шоьтан буса. БиргIа нийса чуйиллина цахиларан бахьанашца иккхина зулам ду иза. 300 вахархо веана хиллера канистраш ягоргах юза.

Мексикехь ягорг лечкъош хиларца массарана а дIакхачо ницкъ ца тоьа. Бутт карабеачхьана тIемалоша Pemex мехкадаьттан индустрина тIехь Iуналла дан долийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG