ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох бIеннашкахь наха дагалецира вийна адвокат Маркелов а, журналист Бабурова а


10 шо хьалха вийна адвокат Маркелов Станислав а, журналист Бабурова Анасасия а дагалоцуш дахначу шоьтадийнахь бIеннашкахь нах арабевллера Москох. Дика девзаш дара Маркелов а, Бабурова а даим а фашисташна а, нацисташна а дуьхьал лаьтташ хиларца.

Ишта адвокат Маркелов Станислав дакъалоцуш вара Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша динчу зуламашца йоьзначу кхелашкахь а. Эшам хиллачу нахана тIехIоьттина вара иза.

2009-чу шарахь дийнан делккъахь Кремлна гергахь герз тоьхна, дийра и шиъ. 2011-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь кхело хан а тоьхна велла дIаваллалц чувоьллира и зулам дина волу неонацистийн тобанхо Тихонов Никита. Цуьнан зудчунна Хасис Евгенияна 18 шо хан кхайкхийра набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG