Оьрсийчоьнан транспортан полици (ГИБДД) номерш яхийта декхарелахь бан дагахь ю машенийн долахой цара "прописка" йинчу меттигехь. И кеп болх бан йолалур ю кхушара Марсхьокху-беттан 4-чохь дуьйна, хаам бо "Коммерсант" газето.
Цо яздарехь, пачхьалкхан автоинспекци юхаерза дагахь ю машенан номеран код а, цуьнан долахочуьнан прописка йолчу регионан код а цхьатерра хилийтаран кепана. Цундела 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна бахархойн дезар ду шайн машенашна регистраци яйта, шайн регистраци йолчу меттигехь.
Оьрсийчоьнан Iедало цу сацаман проектан чулацам буьйцуш кечдинчу кехаташна тIехь и хийцамаш бар бахьанаш кхетош дац.