ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 3 эскархо вийна Абхазехь


Оьрсийчоьнан эскарш Абхазехь.
Оьрсийчоьнан эскарш Абхазехь.

Йозуш йоцу пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайкхийначу Абхазехь марш еш белла Оьрсийчоьнан эскархой. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Къилбан тIеман гонан зорбанан сервисна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан эскаран дакъа дIатардинчу метте йоьдучу тIеман техникан коврана юкъара цхьа БТР Iинах яхна. И бахьана долуш, цу чохь хилла 3 эскархо вийна, кхин а 2 чевнаш хилла ву.

ТIеман гонан комиссино толлуш ю коьрта 2 верси - БТР техникан кхачамбацар долуш хилла хилар а, цу чохь хиллачу эскархоша гIалат далийтина хилар а.

Абхази йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобул дира Оьрсийчоьно 2008-чу шарахь, Гуьржийчоьнца тIом хиллачул тIаьхьа. ТIаьхьо Оьрсийчоьно барт бира абхазашца шен эскарш цигахь дIахIитто.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаллана юкъарчу ерри а аьлча санна пачхьалкхаша къобул деш дац Абхази йозуш йоцу пачхьалкх хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG